Нохчийн Мотт Дахаран Хазна Сочинение

      Комментарии к записи Нохчийн Мотт Дахаран Хазна Сочинение отключены

Нохчийн Мотт Дахаран Хазна Сочинение.rar
Закачек 3781
Средняя скорость 6183 Kb/s

Успейте воспользоваться скидками до 70% на курсы «Инфоурок»

Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу.

Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.

Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо вешан нохчийн мотт.

Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац.

Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.

Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь.

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,

Кхоьллина хилла и вайн дайшна азаллехь.

Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла

1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…

Муха хир ву дуьненахь уггаре а сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.

Мел халахеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа, бохуш.

Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:

«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Ненан мотт…Доккха маь1на лоцу оцу шина дашо шайна чу.

Вай дайшкара схьадеъна вай хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.

Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу.

Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллорчунна.

Поэзехь а тидам боцуш ца дисна и санна долу дош.

1. Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий деъча,

Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!

Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,

Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,

Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!

2. Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,

Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!

Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,

Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,

Дуьненан хазахетар, адаман мотт!( Яндиев Дж. «Адаман мотт»)

Вай олу Даймохк-Нана.

Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан матте болу безам а.

Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина башха дешнаш:

«…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» С айн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла дешнаш:

«Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц!»

— Везачу Дала ницкъ, хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан сий-ларам ойбуш, д1адаха.

Шайн барамца даккхий а, кегий а эзарнаш къаьмнаш ду дуьненахь. Эзарнаш меттанаш а ду, хIора къомана а шена-шена делла. Меттан гIоьнца бIешерийн кIоргенера таханлерчу дийне схьаеана къаьмнаша шайн башхалла, вуьшта аьлча шайн-шайн ламасталлин культура. Цхьаммо ца къуьйсуш, дахаран бакъдерг ду, шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларан коьрта билгало ю мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен гIиллакх. Иза дIабаьлча, лар ца бича, довш ду къам. Цунна масалш а дуьне-нахь бIеннаш ду. Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур яц.

Абалханов Хьаким

Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур яц.

Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц.

Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза? Дуьненах уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.

Дуьненах дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Далла. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.

Вай нохчий ду. Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.

Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», — олуш. Ма — дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву. Цу докъазаллах Дала лардойла вай!

Чекхйолуш суна Ахмадов Мусан байташ яло лаьа:


Статьи по теме